МУХЬАММАДАН ВОЗАЛЛА (Аллах1ера къинхетам, маршо хуьлда цунна)

12.12.2016

Шех кхеташ долу нур а, ша ког баькхина меттиг а Дала беркате йинчух лаьцна. Иза вайн Элча волу Мухьаммад Пайхмар (Делера салам-маршалла хуьлда цунн) ву. Иза дуьненчу ваийтар Дала вайх бина бокха къинхетам бу.Бакъдолу дин а, беркат а, дуьненан амал а йовзуьйтуш ваийтина и вайна. Х1ара вайн дин Ислам таханене а далийта, шен уммате и д1акхачадайта а хийла 1азапах вийлина иза.

Хастам бу Аллах1ана, 1аламаш кхоьллина, шен къинхетамца уьш кхиош-кхобуш, уьш лелош волчу. Тхан Дела, хьуна хила хьакъ болу хастам бо оха хьуна, доьххьара Ахь тхо кхолларна, т1аккха Ахь тхо адамаш кхолларна, цуьнца Ахь тхо кхечу кхолларашна юкъахь сийлахь дарна, т1аккха Ахь тхо бусулба кхолларна, т1аккха Ахь тхо Хьайна дукха везначу Пайхамаран Мухьаммадан (Делера салават, салам хуьлда цунна) умматах дарна. Ахь тхуна делла диканаш дукха ду-кх, хастам бу-кх Хьуна йа Аллах!